Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ахьа ала деза: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Декъаза бу Сан халкъан синош лоьцуш болу зударий! Церан куьйгашна аша холмачалла лелон бехчалгаш а тоьгу, церан шерашка хьаьжжина, аша холмачаллин йовлакхаш а до, церан синош лецархьама! Сан халкъан синош а лоьцуш, шайн синош кІелхьардахалур ду моьтту те шуна? Церан кхоллам – хІаллакьхилар ду. Церан дела – гайна там бар ду. Эхьечу гІуллакхех дозалла до цара. Цара, кху дуьненан хІуманийн бен, ойла ца йо. Аса иза боху шуьга, цхьаннан а хазачу къамелах шу Іеха ца далийтархьама. Шайн саьхьараллица шух пайда эца хьовсур бу уьш, мекара мотт а буьйцуш. Церан Кхелахо тоххара кийча а ву, уьш ХІаллакьхуьлуьйтург наб еш а вац.
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода