Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Цундела боху шуьга: хІора латийначу къина, динчу Іесачу къамелана стаг дохковаьллачул тІаьхьа гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац. ТІаккха доьдий, цо шеца ворхІ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хІусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу. Изза хир ду тахана дехаш Іаш долчу вон адамашца а». Іийсас иштта жоп делира цуьнга: «Дала дина дика а хьайна довзахьара, хьайга хи доьхург мила ву а хаьахьара, ахь-айхьа доьхур дара Цуьнга хи. Ткъа Цо хьуна „дийна долу хи“ лур дара». Цхьа хІума хаа лаьа суна шуьгара: товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарна делла те шуна Делан Са, я хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна делла те Иза? Шен Са а, шуна юкъахь дина Іаламаташ а, аша товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарна луш ду шуна Дала, Цуьнгара болу хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна а доцуш?! Іийсах тешна дела, Делан доккхачу диканца кІелхьардаьхна шу. Ткъа иза шуьгара дац. Иза Делан совгІат ду.
Выбор основного перевода