Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Царах лахара волчунна а гІо диначунна, иза Сан мурд вуйла а хууш, Аса баккъалла а боху шуьга, цунна шен ял хир ма ю, цо цунна кеда чохь шийла хи бен ца деллехь а». Ткъа хІинца со Ярушалайме воьду Делан нахана гІуллакх дан. Шаьш Делах тешаш хиларна, аша дика гІуллакхаш дар а, аша безамца къахьегар а, вайн Везачу Эле, Дала леррина къобалвинчу Іийсага шу тешамца сатуьйсуш хилар а даим а вайн Да волчу Далла хьалха дагахь латтадо оха. Дела нийсо еш хиларна, шу сийсаздаьхначаьрга а баланаш хьоьгуьйтур бу Цо, ткъа баланаш ловш долчу шуна тхоьца цхьаьна синтем хир бу. Иза хир ду Веза Эла волу Іийса Шен нуьцкъалчу маликашца а, йогучу цІарца а стигалшкара гучуволучу хенахь.
Выбор основного перевода