Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Мелхо а, Шен возалла дІа а тесна, лен васт тІе а эцна, адамах тар а велла, тІехьаьжна а адам хилла Иза. Іожаллина тІекхаччалц Далла муьтІахь а хилла, Ша лахара вира Цо. ЖІара тІехь Ша валлалц, муьтІахь висира Иза. ХІунда аьлча Маликех хьаьнга аьлла Дала: «Хьо Сан КІант ву, тахана Хьан Да хили Сох»? Кхин а: «Со Цуьнан Да хир ву, Иза Сан КІант а хир ву?» Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цІентІехь куьйгалла деш волу тешаме КІант ву. Ткъа Цуьнан цІа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тІехь латтахь.
Выбор основного перевода