Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
«Хьайн ваша АхІарон а, цуьнан кІентий а исраилхошна юкъара схьа а къастабай, царах Суна гІуллакх деш болу динан дай бе. Уьш АхІарон а, цуьнан кІентий: Надаб а, АбихІу а, ЭлиІазар а, Итамар а хила беза. Везачу Эло Мусага элира: «АхІарон а, цуьнан кІентий а схьабалабе, царна тІеюху еза бедарш а, къобалваран даьтта а схьаэца, къинан сагІа даккха старгІа а, ши ка а балабе, цхьа тускар совсаза бепиг а да, гуламан четарна чуволлучохь дерриг а халкъ схьа а гулде». Везачу Эло тІе-ма-диллара, гІуллакх кхочушдира Мусас. Халкъ гуламан четарна чуволлучохь схьагулделира. Мусас элира нахе: «ХІара ду Везачу Эло кхочушдан тІедиллинарг». АхІарон а, цуьнан кІентий а, схьа а балийна, хица лийчийра Мусас. АхІаронна тІе коч а юьйхина, юкъах доьхка а дихкина, тІехула оба юьйхира Мусас, юха тІе ийпад а юьйхина, юкъах ийпадан доьхка а дихкира, цуьнца АхІаронна тІехь ийпад а чІагІйира цо. Цунна тІе некха хьалха уллуш болу беза тІоьрмаг а оьллина, цу чу Урим а, Тумим а цІераш йолу ши тІулг биллира Мусас. АхІаронан коьрта тІе чалба а тиллина, чалбанна хьалха агІор иза Везачу Элана лерина ву аьлла таж долу дашо экъа оьллира, Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара. Къобалдаран даьттанах цхьа дакъа схьа а эцна, иза четарна а, цу чохь долчунна а тІе а доьттина, и дерриг а къобалдира Мусас. ВорхІазза сагІа доккхучу кхерча тІе даьтта а тоьхна, кхерчана а, цуьнан гІирсашна а, юьхь-куьгдуьлургана а, цуьнан буьхана а тІе даьтта доьттира уьш къобалъян. АхІаронан коьрта тІе даьтта доьттира Мусас, иза къобалвархьама. АхІаронан кІентий схьа а балийна, царна тІе кучамаш а юьйхина, юкъах доьхкарш а дихкина, кортош тІе кІадинан асанаш йихкира Мусас, Везачу Эло шена тІе-ма-диллара. Къинан сагІина лерина старгІа схьаялийра Мусас. Юха АхІарона а, цуьнан кІенташа а старгІин коьрта тІе куьйгаш дехкира. СтаргІина урс а хьаькхна, шен пІелгаца схьаэцна цІий кхерчан маІех хьаькхира Мусас. Иштта кхерч къинойх цІанбира цо. Юха, дисина цІий кхерчан буха тІе охьа а доьттина, кхерч къобалбира цо, иза Далла хьалха цІена хилийта. Бежанна чуьра ерриг мохь а, доІаха тІера мохь а, шайн махьарца ший жим а, схьа а эцна, кхерча тІехь багийра Мусас. Ткъа старгІанах йиснарг – цуьнан неІ а, жижиг а, боьхаллаш а – меттаматтал арахьа а яьхна, цІера тІехь ягийра цо, Везачу Эло шена тІе-ма-диллара. Дийнаташ дагоран сагІина ка схьабалийра Мусас. АхІарона а, цуьнан кІенташа а коьман коьрта тІе куьйгаш дехкира. Коьмана урс а хьаькхна, цуьнан цІий массо а агІор сагІа доккхучу кхерчана тІе туьйхира Мусас. Ка дакъошка бекъа а бекъна, чоко а, когаш а хица била а билина, берриг а ка – корта а, дакъош а, мохь а – кхерча тІехь, дийнат дагоран сагІа санна, багийра Мусас. Везачу Элана тамехь долу, цІера тІехь даьккхина сагІа дара иза, Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара. Ка дакъошка бекъа а бекъна, чоко а, когаш а хица била а билина, берриг а ка – корта а, дакъош а, мохь а – кхерча тІехь, дийнат дагоран сагІа санна, багийра Мусас. Везачу Элана тамехь долу, цІера тІехь даьккхина сагІа дара иза, Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара. Мусас кхин ка схьабалийра, иза АхІарон вазварна лерина бара. АхІарона а, цуьнан кІенташа а коьман коьрта тІе куьйгаш дехкира. Коьмана урс а хьаькхна, цуьнан цІий, жимма схьаэцна, АхІаронан аьтту лерган дума тІе а, аьтту куьйган нана-пІелга тІе а, аьтту коган нана-пІелга тІе а хьаькхира Мусас. АхІаронан кІентий тІе а балийна, церан массеран а аьтту лерган дума тІе а, аьтту куьйган нана-пІелга тІе а, аьтту коган нана-пІелга тІе а цІий хьаькхира Мусас. Кхерчана массо а агІор дисна цІий туьйхира цо. Мохь а, дума а, чоконна тІера ерриг мохь а, доІаха тІера мохь а, шайн махьарца ший жим а, аьтту гІогІ а схьаийцира Мусас. Везачу Элана хьалха хІоттийначу, совсаза бепиг чохь долчу тускар чуьра совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тІехьаькхна буткъа совсаза цхьа хьокхам а, схьа а эцна, махьарна а, аьтту гІогІана а тІе диллира Мусас. АхІаронан а, цуьнан кІентийн а куьйгашна тІе а дехкина, цаьрга и дакъош, Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна, хьалаайийтира цо. Юха, церан карара уьш схьа а эцна, кхерча тІехь дийнаташ дагоран сагІанца дагийра цо. Иза Везачу Элана лерина, цІера тІехь даьккхина, вазваран сагІа ду, цуьнан хьожа Цунна тамехь ю. Некхан жижиг, схьа а эцна, Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна хьалаайира Мусас. АхІарон вазваран сагІина леринчу коьмах долу Мусан дакъа дара иза, Везачу Эло цунна тІе-ма-диллара. Къобалдаран даьтта а, кхерча тІера цІий а, жимма схьа а эцна, АхІаронна а, цуьнан бедаршна а, АхІаронан кІенташна а, церан бедаршна а тІе туьйхира Мусас. Иштта АхІарон а, цуьнан кІентий а, церан бедарш а къобалйира цо. АхІароне а, цуьнан кІенташка а Мусас элира: «Гуламан четарна чуволлучохь жижиг а кхехкадай, цуьнца цхьаьна къобалдарна леринчу тускарна чуьра бепиг даа, суна тІедиллина ма-хиллара: „АхІарона а, цуьнан кІенташа а даа деза иза“. Жижигах а, баьпках а бухайисина юьхкаш цІера тІехь ягае. ВорхІ дийнахь гуламан четарна хьалхара дІа ма довла, шаьш даздаран денош чекхдовллалц, хІунда аьлча шун даздар ворхІ дийнахь дІадахьа деза. Тахана кхочушдинарг Везачу Эло тІедиллина дара, аша латийна къа дІадаккхархьама. Дийнахь а, буса а гуламан четарна чуволлучохь Іийр ду шу ворхІ дийнахь, Везачу Эло бохург а деш, шаьш хІаллак ца хилийта. Иштта иза тІедиллина суна Везачу Эло». АхІарона а, цуьнан кІенташа а Везачу Эло Мусагахула тІедиллинарг кхочушдира. ТІаккха цо Кхорахье а, цуьнца болчу массаьрга а элира: «Везачу Эло кхана гойтур ду, Шен верг мила ву а, вазвинарг мила ву а, иза Шена тІеозорхьама. Цо Ша схьахаьржжинарг Шена тІеозор ву. Везачу Эло цуьнга Мусагахула аьлла ма-хиллара. Иза динера АхІаронан хІух воцучу цхьана а стаге Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогІу сегІаз дагадайтархьама, Кхорахьна а, цуьнан нахана а хилларг шена ца хилийтархьама.
Выбор основного перевода