Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Динан вежарий, аса къамел дечу хенахь, сан йиш яцара Делан Синах буьзна болчаьрца санна шуьца къамел дан. Аса кху дуьненара болчаьрца санна а, Дала леррина Къобалвинчуьнца йолчу шун уьйре хьаьжжина, кегий берашца санна а къамел дира шуьца. Іовша хала йолу яа хІума а ца луш, шура малайора аса шуна, хІунда аьлча цкъачунна онда юург яа ца лора шуьга. Шуьга-м хІинца а яалур яц иза, Дакхош долу бераш шуьрех санна, синан кхача болчу цІеначу дашах хьага, цуьнан гІоьнца шу даккхий а хилла, шун кІелхьардовлар чекхдалархьама, Іийсас жоп делира цуьнга: «Хьуо исраилхойн Іелам стаг воллушехь, иза а ца хаьа-кх хьуна? Изза вара яьссачу арахь гулделлачу халкъе Синай-лам тІехь малико шега дийцинарг дІааьлларг. Мусас схьаийцира деза дешнаш вайга схьадалархьама. Иштта вай а дара, ваьш бераш долчу хенахь, кху дуьненах долчу парзийн а, Іадатийн а долахь. Цундела Дала леррина Къобалвинчо хьехначух уггар аттаниг дита вай. Вайн ца деза кхин цкъа а хьехаман дух дІахІотто: къинах дІакъастарх а, Делах тешарх а болу хьехам, хих чекхдовларх а, тІе куьйгаш дахкарх а болу хьехам, веллачуьра денваларх а, гуттар а хин йолчу кхелах а болу хьехам. Тешарехь кхиинчарна лерина болчу хьехамна тІе сихлойла вай.
Выбор основного перевода