Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Дийнахь кхойкху со Хьоьга, сан Дела, Ахьа суна жоп-м ца ло. Буьйсанна а кхойкху со, амма сан синтем бац. Ткъа Хьо Везаниг ву, Хьан Іарш Исраилан хастамаш тІехь лаьтташ ю. Хьох тешаш хилла тхан дай. Уьш, теша а тешна, Ахьа кІелхьарбохура. Хьоьга кхойкхура цара – уьш кІелхьара а бовлура. Уьш Хьох тешара, цундела юьхьІаьржачу а ца хІуьттура. Ткъа со-м, адам а доцуш, нІаьна санна ву. Адамийн дог долу сох, халкъана дегаза хета со. Со гуш болу берриш а кхаьрда сох. Цара, кортош а лестош, кхиссарш йо: «Везачу Элах тешна ма вара иза – Цо иза кІелхьарваккха веза-кх. Везачу Эло иза паргІатвоккхийла, Ша цунна реза велахь». Ткъа со ненан кийрара схьаваьккхина Ахьа. Сайн ненан некхера дуьйна со маьршавоккхура Ахьа. Со дуьнен чу ваьллачу хенахь дуьйна Хьуна дІавелла вара со. Сайн ненан кийрахь со хиллачу хенахь дуьйна Хьо Дела ву сан. Суна гена ма валахь, хІунда аьлча тІебогІу бала гергахь бу, ткъа гІодийриг вац сан. Алссам йолчу старгІанаша го бина суна. Башанерачу стерчаша го лаьцна сан. Ижунах а хьаьгна, гІам-гІим дечу лоьмо санна, суна тІе шайн баганаш гІаттийна цара. Со, хи санна, Іана вахана. Ерриг а даьІахкаш вовшахъевлла сан. Дог, балоз санна а хилла, кхерамна кийрахь дешна дІадаьлла сан. Сан ницкъ, шовда санна, лекъна, дегІера дІабаьлла, сан багара мотт а къамкъаргах дІалетта. Со Іожаллин чене дІавуьллу Ахь. ЖІаьлех тарбеллачу наха го бина суна, буьрсачу арданго го лаьцна сан. Цара цергаш чекхъяьхна сан куьйгех а, когех а. Ерриге а даьІахкаш ягаръялур ю сан. Нах, суна тІе а хьоьжуш, боьлу сох. Цара вовшашлахь йоькъу сан тІеюху хІуманаш, кхаж а тосу цара, сан коч хьанна кхочу хьожуш. Ткъа Хьо, Веза Эла, генахь ма хилахьа суна. Хьоьгара бу сан ницкъ, гІоьнна волахьа суна. Туьрах кІелхьардаккхахьа сан са, жІаьлех а кІелхьардаккхахьа сан дахар. Лоьман бага вахарх кІелхьарваккхахьа со, акхачу бугІанан маІех ларвехьа со. Ахь суна жоп ма делла! Царна жимма дехьа а ваьлла, бертал а воьжна, доІа дира Цо: «Сан Дада! Йиш елахь, и баланийн къаьхьа кад Суна уллохула тІехбаккхахьара Ахь! Делахь а, иза Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла». Шен мурдаш болчу тІевахча, уьш наб кхетта гира Цунна. Кипига Цо элира: «ХІун до аша? Цхьана сахьтехь мукъана а Соьца сема хила ца мегара шу? Сема а хилалаш, доІа деш а хилалаш, шаьш къилахь долчу лаамашна кІел ца дисийта. Са сема ду, ткъа дилха эгІаза ду». Юха а, дІанехьа а ваьлла, Иза доІа дан волавелира: «Сан Дада! И къаьхьа кад, Аса ца молуш, Суна уллохула тІехбала йиш яцахь, Аса иза мер бу. Хьан лаам кхочушхуьлийла!» Юхавеача, кхин цкъа бийшина карийра Іийсана уьш, хІунда аьлча церан бІаьрганегІарш дазделлера. КхозлагІа а, дІанехьа а ваьлла, доІа дан хІоьттира Иза, изза дешнаш а олуш. Шен мурдаш болчу тІе а веана, Іийсас цаьрга элира: «Шу хІинца а, наб еш, садоІуш ду? ЛадогІа Соьга: Адамийн КІант къинош летийначеран каравоьду хан тІекхаьчна. Дуьйло, хьалагІовтта! ХІара ву Суна ямартло ен верг». Цул тІаьхьа Гатшамани олучу меттиге баьхкира уьш. Іийсас элира Шен мурдашка: «Ас доІа дечу юкъана, ховший Іе кхузахь». ТІаккха Шеца Кипа а, Якъуб а, Яхьъя а вигира Цо. Кхузахь Іийса синтем байна а, чІогІа сингаттаме а хилира. Цо элира цаьрга: «Сан са Іожаллин гІайгІанехь ду. Аша кхузахь а совций, сема хан яккха». Царна жимма дехьа а ваьлла, лаьтта а воьжна, Іийсас доІа дира: «Нагахь йиш елахь, дІакъастадойла Ахь Сох и къизаллин сахьт», – кхин а Цо элира: «Сан Дада! Дерриг а Хьан карахь ду, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а». Ша юхавирзича, Шен мурдаш бийшина Іохкуш карийра Цунна. ТІаккха Цо элира Кипе: «ШамІа, хьо наб еш ву? Цхьана сахьтехь сема хила ца мегара хьо? Сема хила, доІанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кІел ца дисийта. Са сема хуьлу, ткъа дилха эгІаза ду». Юха а дехьо ваьлла, доІа дира Цо, изза дешнаш олуш. Юхавеача, кхин цкъа а бийшина карийра Іийсана уьш, хІунда аьлча церан бІаьрганегІарш дазделлера. Шаьш Іийсага хІун эр ду а ца хууш биснера уьш. КхозлагІа а тІевеана, элира Цо цаьрга: «Шу хІинца а наб еш, садоІуш ду? Тоьар ду, тІедеана и сахьт. Адамийн КІант къинош летийначеран каравоьду хан тІекхаьчна. Дуьйло, хьалагІовтта! ХІара ву Суна ямартло ен верг». Гуттар а Ша ма-ваххара, Зайт-диттийн лам тІе вахара Іийса. Мурдаш а бахара Цуьнца. Шаьш дІакхаьчча, Іийсас элира: «ДоІа де, шаьш къилахь долчу лаамашна кІел ца дисийта». Ша а царна тІулг кхоссал йолчу метте дехьа а ваьлла, гора а воьжна, доІа дан хІоьттира: «Дада! Хьайн лаам белахь, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а». Стигалара деанчу малико дог чІагІдира Цуьнан. Халачу хьолехь кхин а чІогІа доІа дан хІоьттира Іийса. Цуьнан хьацар, цІийн тІадамаш санна, лаьтта оьгура. ДоІа дина а ваьлла, мурдашна тІевахара Иза. ГІайгІано дог дохийна, гІелбелла, бийшина Іохкуш карийра Цунна уьш. «Шу дийшина хІунда Іохку? – хаьттира Іийсас – ХьалагІовтта, доІанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кІел ца дисийта». «Ткъа хІинца Сан са карзахдаьлла. ХІун ала те Ас? „Дада, кІелхьарваккхахьа Со кху сахьтах“? Амма кху сахьтана веана ма ву Со.
Выбор основного перевода