Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Евреям
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Цо Іалашдийр ду Шен жа, Іуьно санна. Іахарий караоьцур ду Цо, уьш Шен дага уллохь лелор ду. Узуш дерш а лерина Іалашдийр ду Цо. ХІинца тидам бе, Суна тІедуьйла! ЛадогІа Соьга, шайн синош дахийтархьама! Ас гуттар а хин болу барт бийр бу шуьца, Даудана лур ду аьлла долу тешаме диканаш лур ду шуна. Аса цаьрца массо а тІейогІучу ханна барт бийр бу: царна диканиг дечуьра Со цкъа а соцур вац, Ас церан дегнаш чу Сайна болу кІорга ларам а кхуллур бу, уьш кхин Сох дІа ца къастийта. Ткъа Сан халкъ долчу хьох лаьцна аьлча, Айса хьоьца цІийца чІагІбина бинчу бертан дуьхьа кхечу махка йийсаре дІабигна хьан нах, хи доцучу ор чуьра санна, арабохур бу. Цу дийнахь церан Везачу Дала Шен халкъ кІелхьардоккхур ду, Іуьно шен жа кІелхьар-ма-даккхара. Таж тІера тІулгаш санна, уьш Цуьнан лаьтта тІехь лепар бу. Со дика Іу ву. Дикачу Іуьно шен са а дІало шен уьстагІийн дуьхьа. Амма Дала веллачуьра денвира Иза, Іожаллин багара а ваьккхина. Іожаллин ницкъ ца кхечира Иза шен карахь сацо. Вайна синпаргІато луш волу Дела хуьлийла шуьца массаьрца а. Амин.
К Евреям
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода