Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Евреям
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Везачу Эло элира Ибраме: «Хьайн мохк а, халкъ а, ден цІа а дІа а тасий, Ас хьайна гойтун болчу махка дІагІо. ТІаккха тІийрагех муш а бина, уьш массо а аралаьхкира Іийсас шайн уьстагІашца а, стерчашца а. ГІопастанаш дІа а карчийна, ахча хуьйцучеран ахчанаш а охьаэгийра Цо. Кхокхарчий духкучаьрга а элира Іийсас: «ДІадаха хІорш кхузара! Ма диэ Сан Ден цІийнах йохкаэцаран цІа!» ТІаккха Іийсан мурдашна Делан Йозанаш тІехь яздинарг дагадеара: «Хьан цІийне болчу хьагамо Сан кийра багабо». Іийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кІел ма лелийша. ХІун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХІун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь? ХІун барт бу те Дала леррина Къобалвинчунна а, иблисана а юкъахь? ХІун цхьаалла ю те тешаш волчунна а, тешаш воцчунна а юкъахь? ХІун цхьаьнадогІург ду те Делан цІенна а, цІушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цІа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду». Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дІа а довлий, царах дІакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хІуманах ма хьакхалойша, тІаккха Аса тІеоьцур ду шу». Ткъа вай стигалан дахархой ду. Вай КІелхьардохург, Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса, оцу стигалшкара схьаваре хьоьжуш а ду вай.
К Евреям
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода