Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Евреям
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
СтаргІин жижиг а, неІ а, боьхаллаш а, шайн меттаматтера ара а яхий, ягае. Иза къинах луш долу сагІа ду. Нагахь Езачу Меттехь адамийн къинош дІадахархьама, къинах долчу сагІин цІий гуламан четарна чу даьхьнехь, и сагІа даа мегар дац. Иза цІера тІехь даго деза». Делан четаран уггар езачу чоьнна чохь къинош дІадаха цІий даьккхина йолчу, къинан сагІина йийначу старгІин а, божан а чархаш, меттаматтал арахьа а яьхна, церан неІарш а, жижиг а, боьхаллаш а яго еза. Гезарийн а, эсийн а цІий доцуш, Шен цІий а Іанийна, цкъа Делан цІийнан уггар езачу чоьнна чу а вахана, гуттаренна а вайна паргІатдовлар даьккхина Цо.
К Евреям
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода