Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Евреям
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Яккхийе, стигалш, Везачу Элаца цхьаьна! Цунна хьалха охьатаьІийла стигалшкахь мел берш! Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна! ЧІагІлойла Делан долу массо а маликаш! Цо бекхам бийр бу Шен ялхошна тІера, Цо бекхам бийр бу Шен мостагІашна, Шен лаьттан а, Шен халкъан а къинош дІадохур ду!» ЮьхьІаьржачу хІуьтту цІушна Іибадат деш берш, эхьах бузуьйту харцделанех дозалла деш берш. Цунна хьалха суждане боьлху массо а деланаш. Далла хьалххе дуьйна хаьара, Шен долахь берш муьлш хир бу. Цо билгалдаьккхинера, уьш Шен КІентан вастехь хир бу аьлла, дуккха а болчу динан вежаршна юкъахь Иза дуьххьарлера доьзалхо хилийтархьама. Цундела дуьнен чу вогІучу хенахь Дала леррина Къобалвинчо элира: «СагІанаш а, совгІаташ а ца дийзи Хьуна, амма Суна дегІ кечди Ахьа.
К Евреям
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода