Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Евреям
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Даудан назма. Везачу Эло элира хьалдолчу эле: «Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий хьан когашка охьабахккалц». „Везачу Эло аьлла сан Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц’“. Іийсас цуьнга элира: «Ахьа айхьа эли иза. Делахь а, Аса эр ду шуьга массаьрга: хІинца дуьйна схьа Адамийн КІант шуна гур ву Нуьцкъалчу Далла аьтту агІор хиъна Іаш а, стигаларчу мархашкахула охьавуссуш а». Иштта цаьрца къамел динчул тІаьхьа Іийса-Эла, стигала хьала а ваьккхина, Далла аьтту агІор охьахиира. Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Іаш а дара. ТІаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КІантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара. Дауд стигала хьалаваьлла вацара, амма цо элира: „Вайн Везачу Эло аьлла Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агІор охьахаа, Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бІарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама. Іийсас, Шен цІий Іанорца мах а белла, вай паргІат а даьхна, вайн къиношна геч а дина. Ткъа иза Дала вайна шортта деллачу дикане хьаьжжина ду. Ша леррина Къобалвинчунна чохь лелийтира Дала. Иза, веллачуьра ден а вина, стигалшкахь Шена аьтту агІор охьахаийра Цо. Цо Иза охьахаийна, стигаларчу массо а хьаькамел а, куьйгалхойл а, ницкъел а, олахойл а лакхара а вина, муьлхха а кху заманчохь йоккхуш йолчу цІарал лакхара вина ца Іаш, массо а хин йолчу заманашкахь йоккхур йолчу цІарал лакхара а вина. Дала леррина Къобалвинарг – гуш воцучу Делан гуш долу васт ду. Цуьнан дуьххьарлера Доьзалхо ву Иза, кхоьллина мел долчу хІуманал тоьлуш а волуш. Стигалшкахь а, лаьттахь а гуш долу а, гуш доцу а массо а хІума Цо кхоьллина ду: стигалийн паччахьаш, я олахой, я хьаькамаш, я куьйгалхой хуьлийла уьш. И дерриг а Цо кхоьллина а ду, Цунна кхоьллина а ду. Иза долуш долчу дерригенал а хьалха вара, Цо массо а долуш дерг шен-шен меттехь лоттуьйту. Динан вукху коьртачу дайн санна, хІора дийнахь цкъа хьалха Шена тІера, юха нахана тІера сагІанаш даха ца деза Цуьнан, хІунда аьлча Цо гуттаренна а цкъа даьккхина сагІа, Ша дІа а велла. Вай дуьйцуш долчунна юкъахь коьртаниг хІара ду: стигалшкахь Веза Воккхачун гІантана аьтту агІор Іаш динан коьрта Да ву вайн. цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагІа доцучу сагІина дІавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цІийно мел чІогІа цІандийр ду вай Іожалла тІейоуьйтучу гІуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Іамал яйтархьама. Иза иштта хилча, дуьне кхоьлличхьана а дуьйна дукхазза а бала хьега дезар дара Дала леррина Къобалвинчун. Ткъа Иза тІаьхьарчу заманахь цкъа веана Шех даьккхинчу сагІанца адамийн къа дІадаккха. Ткъа Иза, гуттаренна а къинойх цхьа сагІа а даьккхина, Далла аьтту агІор охьахиъна, тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Іийсана тІе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жІара тІехь валар лайра, эхь тІе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хІинца Иза Делан паччахьан гІантана аьтту агІор, баьрччехь, хиъна Іаш ву.
К Евреям
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода