Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Евреям
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Деха соьга, тІаккха Ас лур ду хьуна тІаьхьалонна халкъаш а, хьан долахь хилийта дерриг а латта а, цуьнан йистошка кхаччалц. ХІунда аьлча вайна бер дина – кІант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тІехь. Цунна цІе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла. Цо иза олучу юккъехь, лепаш йолу марха тІе а еана, уьш дІахьулбелира цуьнан ІиндагІехь. Мархи юккъера царна аз хезира: «ХІара ву Суна дукхавезаш волу Сан КІант! Цуьнгахула бу Сан лаам! ЛадогІалаш Цуьнга!» Шайна кІант гича, цара вовшашка элира: „Иза хин олу хІусамда ву. Иза вен а вийна, цунна кхочу болу бахам вай ваьшна бита беза“. Дерриг а Дала цу Дашехула кхолла а кхоьллина, И доцуш, кхоьллинчух хІумма а ца кхоьллина. Дуьненна юкъахь а дара и Дош, Цуьнгахула дуьне а кхолладеллера, амма дуьнен чуьра адамашна И ца девзира. Дуккха а дара Сан шух лаьцна дийца а, шу бехке а деш, ала хІума а. Амма Со Ваийтинарг бакъверг ву, ткъа хІара Суна Цуьнгара хеззнарг ду. Цу Сайна хезначух лаьцна дуьйцу Ас дуьненна а». ХІинца ца олу Ас шух ялхой, хІунда аьлча ялхочунна шен олахочо дийриг ца хаьа. Амма шух Ас доттагІий аьлла, Сайн Дегара хезнарг дерриге а Ас шуьга дІахаийтина дела. Цул сов, массо а пайхамаро, Шамъал-пайхамарна тІера дуьйна, хІара денош догІур ду аьлла ду. Ша билгалъяьккхина зама тІекхаьчча, Дала ваийтира зудчо дуьнен тІе ваьккхина волу Шен КІант. Иза а вара товрат-хьехамийн долахь, Ткъа Делан Іалашо иштта ю: хенаш кхочуш хиллачу хенахь Цо стигалахь а, лаьтта тІехь а мел дерг цхьаьнатухур ду, Ша леррина Къобалвинарг коьртехь а волуш. Стигалшкахь а, лаьттахь а гуш долу а, гуш доцу а массо а хІума Цо кхоьллина ду: стигалийн паччахьаш, я олахой, я хьаькамаш, я куьйгалхой хуьлийла уьш. И дерриг а Цо кхоьллина а ду, Цунна кхоьллина а ду. Тешар хиларна, вай кхета дуьне Делан дашца кхоьллина хиларх, иштта гуш дерг цагучух схьадаьлла хиларх.
К Евреям
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода