Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Евреям
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Везачу Эло элира: «ЛадогІа Сан дешнашка! Нагахь санна шун пайхамарш белахьара, Со царна я суьрташкахь дуьхьал хІуттур вара, я гІенашкахь дуьйцур дара Аса цаьрца. Аса цуьнца, юьхь-дуьхьал а волуш, ма-дарра къамел до, хІетал-металш а ца далош. Цунна Везачу Элан васт а го. Шу муха даьхьнера Сан лай волчу Мусана тІехтохам бан?» Ша гуттар хьалха Шен безачу пайхамаршкахула ма-баххара. Делан Йозанийн муьлхха а дакъа Дала Шен Іаь тоьхна ду. Бакъдерг хьеха а, харцдерг гучудаккха а, гІалаташ нисдан а, адамаш нийсачу новкъа даха а пайденна ду уьш. Пайхамарша леррина талла а теллина, Іама а дина оцу кІелхьардовларх дерг дерриг а. Шуна дала кечдинчу Делан диканах лаьцна а дийцина цара.
К Евреям
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода