Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
ТІаккха Дала элира: «Кхуллур Вай адам, Вешан аматехь а, вастехь а долуш. Хуьлийла уьш олалла деш дуьнен чу мел кхоьллинчу са долчу хІуманашна тІехь: хи чуьра а, лаьтта тІера а дийнаташна тІехь а, лаьттан текхаргаш тІехь а, хІаваэра олхазаршна тІехь а, дерриге лаьтта тІехь а». Иштта, вай хих чекхдахийтича, вай Цуьнца цхьаьна дІа а доьхкина, дала а делла. Ткъа иза хилира, Шен Ден ницкъаца веллачуьра денвина волу Дала леррина Къобалвинарг санна, вай а керлачу дахарехь Іайтархьама. ХІунда аьлча даггарчу тешаро стаг Далла хьалха бакъвина хиларна тІевалаво, ткъа баганца къобалдаро стаг кІелхьарваьккхина хиларна тІевалаво.
Выбор основного перевода