Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Амма церан хьекъал артдина дара. Делаца бинчу ширачу бартах лаьцна долу тептарш шаьш доьшучу хенахь, и санна долу пардо церан кхетамна дуьхьалара дІадаккхаза дуьсу. Ткъа нагахь санна стаг Дала леррина Къобалвинчуьнца воьзна бен вацахь, и пардо дІадоккху. Ткъа шу хІетахь делла дара, шайн зуламаш а, къинош а бахьана долуш. Цу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дацара шу. Делан долахь долчу Исраилан халкъах дІакъастийна дара шу. Делаца бинчу бертан а, цу чу йогІучу чІагІонийн а декъахь а дацара шу. КІелхьардовларе догдохийла дацара шун. Дуьнен чохь шу Іеса адамаш дара.
Выбор основного перевода