Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Динан вежарий! Берийн санна, ойла йолуш ма хилийша! Вониг дарна тІехь хилийша бераш санна, амма шайн ойланца даккхий хилийша! Дала леррина Къобалвинарг вай дІакхайкхаво, хІора адам, массо а тайпана хьекъалца кхета а деш, Іама а деш, иза, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш, дуьззина кхочуш а дина, дІахІотторхьама. Аса иза до, уьш, вовшашка болу безам а болуш, цхьаьнакхетта хилийтархьама а, церан дегнаш иракарахІитторхьама а. Суна лаьа, церан хьекъал кхачам боллуш чІогІа хила, Делан къайле царна йовзийтархьама. Ткъа Делан къайле Дала леррина Къобалвинарг ву.
Выбор основного перевода