Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Иштта, вай хих чекхдахийтича, вай Цуьнца цхьаьна дІа а доьхкина, дала а делла. Ткъа иза хилира, Шен Ден ницкъаца веллачуьра денвина волу Дала леррина Къобалвинарг санна, вай а керлачу дахарехь Іайтархьама. ХІокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТІаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хІун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а. Керла адам а хилий, дІахІитта. Ша Кхоьллинчун вастехь карладолу и адам, Дела вуьззина вовззалц.
Выбор основного перевода