Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ПирІуно, Мусага а, АхІароне а тІе а кхайкхина, элира: «Везачу Эле доІа де, со а, сан халкъ а долчуьра пхьидарчий дІаяха алий. ТІаккха ас Исраилан халкъ дІахоьцур ду, Везачу Элана сагІа даккхийтархьама». ПаргІато яьллийла а гина, шен дог чІагІдира пирІуно. Везачу Эло ма-аллара, ла ца дуьйгІира цо Мусага а, АхІароне а. Мусас элира: «Хьо волчуьра дІа а вахана, Везачу Эле доІа дийр ду ас, тІаккха кхана пирІун волчуьра а, цуьнан уллоранаш а, халкъ а долчуьра а жІаьлийн мозий дІадевр ду. Амма ахьа а Исраилан халкъ ледан ца деза, Везачу Элана сагІа даккха иза доьдуш, юха а новкъарло а йина». Амма юха а шен дог а чІагІдина, халкъ дІа ца хийцира пирІуно.
Выбор основного перевода