Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа пирІуно шуьга ладугІур дац, тІаккха луьра таІзарш а деш, Сайн куьйга охьатаІор ю Ас Мисар. Сайн бІо, Сайн халкъ, Исраилан кІентий, Мисар-махкара арабохур бу Ас. Иштта дан а дира цара. АхІарона шен Іаса лаьттах туьйхира – адамашна а, даьхнина а тІехь кегийра чуьркаш гучуевлира. Берриг а Мисар-махкахь лаьттан ченах кегийра чуьркаш хилира. Амма юха а шен дог а чІагІдина, халкъ дІа ца хийцира пирІуно. ДогІа а, къора а, стигалан къекъар а сецна а гина, хьалха санна, харцо йира пирІуно. Иза а, цуьнан уллоранаш а юха а дуьхьалбевлира. Шайн дог хІунда чІагІдо аша, мисархоший, пирІуной санна. Дала шайна таІзар диначул тІаьхьа бен ца делла цара исраилхошна Мисар-махкара дІадаха пурба. Зуламна сихха таІзар ца даро адамийн дегнаш зуламаш дарехьа дерзадо.
Выбор основного перевода