Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло боху, хІинца хуур ду хьуна Ша Веза Эла вуйла. Ас сайн карара хІара Іаса Нил-хи тІе тухур ю, цу хих тІаккха цІий хир ду. Везачу Эло исраилхойн а, мисархойн а даьхни доькъур ду. Исраилан халкъан даьхнина юкъара цхьа а хьайба лийр дац“». ШолгІачу дийнахь Ша аьлларг кхочушдира Везачу Эло. Мисархойн дерриг а бежанаш делира, ткъа исраилхойн цхьана а хьайбанна хІумма а ца хилира. Амма исраилхой Іаш болчохь, ГІашанахь, къора ца туьйхира. Вовшийн ган а ца гуш, шаьш Іачуьра хьала а ца гІовттуш кхо де даьккхира наха, ткъа исраилхойн цІенош долчохь серло яра. Цкъа а хьалха хилла а доцу я тІаьхьа хин а доцу белхар хир ду берриг а Мисар-махкахь. Исраилхойх цхьанна а хІумма а хир дац, царна жІаьла а летар дац. Я стагана а, я хьайбанна а хІума хир дац царна. ТІаккха шуна хуур ду, Везачу Эло хІун башхо йо мисархошна а, исраилхошна а юкъахь“.
Выбор основного перевода