Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Делан четаран керт нисъярхьама, шаршуш охка. Къилбехьа агІор дуткъачу кІадих йина шаршуш охка, церан йохалла бІе дол хила еза. Ткъа бІогІам а, ткъа цІестан бух а хІоттабе царна. БІогІамаш тІера мІерий а, царна тІера дІатосургаш а дато хила еза. Иштта къилбаседехьа агІор а бІе дол еха шаршуш охка. Царна а ткъа бІогІам а, цІестан ткъа бух а кечбе. БІогІамаш тІера мІерий а, дІатосургаш а детих е. Кертан шоралла, малхбузехьа агІор, шовзткъе итт дол еха шаршуш охка. Царна итт бІогІам а, итт бух а кечбе. Кертан шоралла, малхбалехьа агІор, шовзткъе итт дол еха шаршуш охка. Царна а итт бІогІам а, итт бух а кечбе. Цхьана агІор, керта воьдучохь, йохаллина пхийтта дол хуьлуьйтуш шаршуш охка, царна кхо бІогІам а, кхо бух а кечбе. Вукху агІор а йохаллина пхийтта дол шаршуш охка, царна кхо бІогІам а, кхо бух а кечбе. Кертан кевнна йохаллина ткъа дол хуьлуьйтуш, тІехь тІамарш а йолуш, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а йина шаршуш охка. Царна биъ бІогІам а, биъ бух а кечбе. Дерриш а кертана гонахара бІогІамаш детих йинчу дІатосургашца вовшахтесна хила деза. Царна тІера мІерий детих дина хила деза, ткъа церан баххаш цІастанах бина хила беза. Керт йохалла бІе дол, шоралла шовзткъе итт дол, локхалла пхи дол хила еза. Цунна оьхкина шаршуш дуткъачу кІадих хила еза, бІогІамийн баххаш цІестан хила деза. Делан четар чохь лело гІирсаш а, иза чІагІдеш тухуш долу хьостамаш а, керт чІагІдеш долу хьостамаш а цІастанах дина хила деза».
Выбор основного перевода