Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И шаршу дІаолла акацих пхи бІогІам кечбе, уьш дешица кхала. Царна тІехь дашо мІерий а де, и бІогІамаш тІехІитто пхи цІестан бух а бе». «Акацих сагІа доккху кхерч бе. Иза беакІов а болуш, бохалла а, шоралла а пхи дол хила беза, локхалла кхо дол хила беза. Кхерчан еа маьІІехь цхьацца маІа е, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цІастанца кхала. Цуьнца цхьаьна е юкъ чуйохка кхабанаш а, лело аьшкалш а, боганаш а, мІерий а, кІора чубухку нойш а. И хІуманаш цІастанах йина хила еза. ЦІастанах цаца бе кхерчана тІебилла. Цецан еа маьІІехь цІастанах цхьацца чІуг е. Цу шаршуна пхи бІогІам бира, тІехь мІараш а еш. БІогІамийн лакхенашна а, царна тІера дІатосургашна а тІе деши лецира, ткъа лахахь цІестан пхи бух бира цара. Цул тІаьхьа Бацалиала акацин дечигах дийнаташ дагоран сагІа доккху кхерч бира. Иза беакІов бара, пхи дол беха а, пхи дол шуьйра а болуш, ткъа локхаллина кхо дол бара. Кхерчан еа маьІІехь цхьацца маІа а йира, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цІастанца кхелира. Кхерчана оьшу берриг а гІирс кечбира: юкъ чуйохка кхабанаш а, лело аьшкалш а, боганаш а, мІерий а, кІора чубухку нойш а. Уьш массо а цІастанах йина яра. ЦІастанах цаца бира кхерчана тІебилла. Кхерчан хІазарна кІел билла безара и цаца, кхерчана юккъе кхаччалц иза дІа а нисбеш.
Выбор основного перевода