Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Акацих сагІа доккху кхерч бе. Иза беакІов а болуш, бохалла а, шоралла а пхи дол хила беза, локхалла кхо дол хила беза. Кхерчан еа маьІІехь цхьацца маІа е, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цІастанца кхала. Цуьнца цхьаьна е юкъ чуйохка кхабанаш а, лело аьшкалш а, боганаш а, мІерий а, кІора чубухку нойш а. И хІуманаш цІастанах йина хила еза. ЦІастанах цаца бе кхерчана тІебилла. Цецан еа маьІІехь цІастанах цхьацца чІуг е. Кхерчан хІазарна кІел билла и цаца, кхерчана юккъе кхаччалц иза дІа а нисбеш. Кхерчана акацих хьокхий кечде, царна тІе а цІаста лаца. Хьокхий чІагаршна чу хІиттаде, кхерч дІахьочу хенахь уьш шина агІор хилийта. Юккъехь баьсса а болуш, аннех бе кхерч, Ас лам тІехь хьайна ма-гайттара».
Выбор основного перевода