18
Кертан кевнна оьллина шаршу, тІехь тІамарш а йолуш, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а йина яра. Иза йохалла ткъа дол а, локхалла пхи дол а яра, кертана оьхкинчу шаршуйх тера а йолуш.
Кертан кевнна йохаллина ткъа дол хуьлуьйтуш, тІехь тІамарш а йолуш, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а йина шаршуш охка. Царна биъ бІогІам а, биъ бух а кечбе.