Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Айхьа исраилхой багарбечу хенахь хІоранга а шен синах Везачу Элана мах балийта, цу хенахь царна юкъахь кхераме хІумма а ца хилийтархьама. ХІораммо а, ша вагарвечу хенахь, ахшекхал дала деза, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхала чу ткъа гер догІу). И ахшекхал Везачу Элана луш долу сагІа ду. Ткъа шарал тІехваьлла волчо хІораммо а Везачу Элана и сагІа дала деза ша вагарвечу хенахь. Хьал долчо сов а ца луш, къечо кІезиг а ца луш, ахшекхал шен сих мах бала беза Везачу Элана хІораммо а. Исраилхошкара схьаэцна и дети гуламан четаран гІуллакхна леладе. Везачу Элана хьалха исраилхошна дагахь лаьттар ду иза, шайн синойх белла мах буйла хууш».
Выбор основного перевода