Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Делан цІа шех дина долу четар дуткъачу кІадин итт шаршух а, сийна а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эхангах а де. КІадеш тІехь говзачу балхаца тІетегна каруб-маликийн суьрташ хила деза. ХІора шаршун йохалла ткъе бархІ дол, шоралла диъ дол хила еза. Шаршуш ерриш а цхьана барамехь хила еза. Пхи шаршу цхьаьна а, важа пхи шаршу цхьаьна а вовшахтесна хила еза. Сийначу кІадих туьйдаргаш де хьалхарчу пхеаннах йистерачу шаршун цхьана агІор, иштта де вукху пхеаннах йолчу йистерачунна а. Хьалхарчу пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тІехь шовзткъе итт туьйдарг хила деза, шолгІачу пхеаннах йолчу йистерачунна тІехь а оццул хила деза. Церан туьйдаргаш дуьхь-дуьхьал хила деза. Шовзткъе итт дашо мІара а яй, шаршуш цаьрца вовшахтаса, тІаккха цхьа четар хир ду цунах. Газанан тІергІах шаршуш е четарна тІехула лаца. Уьш цхьайтта хила еза. Цхьа шаршу йохалла ткъе итт дол, шоралла диъ дол хила еза. Ерриш а цхьана барамехь хила еза уьш. Царах пхи шаршу къастийна вовшахтаса, важа ялх а къастийна вовшахтаса. ЙолхалгІа шаршу, шалха а йиллий, четарна хьалха нисъе. Пхеаннах йолчу йистерачу шаршун цхьана агІор шовзткъе итт туьйдарг де, изза де ялханнах йолчу йистерачу шаршуна а. Шовзткъе итт цІестан мІара а яй, уьш туьйдаргех дІатийса, тІаккха дерригенах а цхьа четар хир ду. Четарна тІетосучу шаршун совйолуш йолчух ах тІехьарчу агІонна чукхозуш йита. Шаршуйн йохаллех совйолуш ерг цхьацца дол четаран шина агІор кхозуш йита, четар хьулдархьама. Ши кхалор е четарна тІехула лаца – цхьаъ цІен басар хьаькхна йолчу уьстагІийн цІоканех, важа хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсигах.
Выбор основного перевода