Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дерриге а гІуллакхаш дина чекхдевлча, дисина ахча паччахье а, ЯхІу-ЯдаІе а дІаделира цара. Оцу ахчанах Везачу Элан цІа чу дІахІитто пхьегІаш яйтира. Иштта Везачу Элана гІуллакх дан лерина пхьегІаш а, дийнаташ дагоран сагІанаш дахарна лерина пхьегІаш а, кедаш а, кхийолу дашо а, дато а пхьегІаш яйтира. ЯхІу-ЯдаІ вехаш мел хиллачу хенахь, Везачу Элан цІийнан кертахь хІора дийнахь даим дийнаташ дагоран сагІанаш дохура. ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь бехачу исраилхоша а, яхІудхоша а деара шайн бежана юкъара а, жена юкъара а уьтталгІа дакъош. Иштта шайн Везачу Далла лерина сагІина гулдинчух а уьтталгІа дакъа схьадеара цара. Церан вуно дукха хІума гулделира. И гІуллакх, шеран кхоалгІачу баттахь дола а дина, ворхІалгІачу баттахь чекхдаьккхира цара. Хьузакх-ЯхІу а, цуьнан баьччанаш а схьабаьхкича, царна вуно дукха гулделла хІума гира. Везачу Элана хастамаш бира цара, ткъа Цуьнан Исраилан халкъ декъалдира цара. Хьузакх-ЯхІус динан дайшка а, левихошка а оцу гулделлачу хІуманах лаьцна хаттар дира. ТІаккха ЦІадукъин тІаьхьенах волчу коьртачу динан дас Іазар-ЯхІус жоп делира: «Везачу Элан цІа долчу тхайн долахь долчух уьтталгІа дакъа дан долийчхьана, оха дуззалц хІума а йоу, кхин дуккха а хІума а юьсу тхан. Ткъа Везачу Эло Шен халкъ декъалдина дела, оццул дукха хІума а дисина». Шаьш баккхий баланаш хьоьгуш боллушехь, цу тобанийн доккха хазахетар а, йоккха къоьлла а хьалдолчу комаьршалле делира. Со теш ву цара доггах, шайн дала йиш йолччул а, сов а деллачунна. Шайн лаамца
Выбор основного перевода