Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Акацих ирахІиттийна гураш кечде четарна. Итт дол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а хила деза уьш. ХІора гуран ши зІок хила еза, цхьаъ шолгІачунна уллохь а йолуш. Четаран къилбехьа йолчу агІор ткъа гур бе. Ткъа оцу гурашна шовзткъа дато бух бе: шиъ цхьана гурана – цуьнан шина зІакарна, шиъ вукху гурана – цуьнан шина зІакарна. Четаран къилбаседехьа йолчу агІор ткъа гур бе. Царна шовзткъа дато бух бе, ши бух цхьана гурана а беш. Четаран тІехьарчу, малхбузехьа йолчу агІор ялх гур кечбе. Ши гур тІехьарчу агІор шина сонехь а кечбе. Уьш лахахь вовшахтесна хила деза, ткъа лакхахь цхьана чІагарх дІатесна хила а деза. Шина сонехь болу и ши гур иштта бина хила беза. Берриг а бархІ гур хир бу, уьш тІехІитто ялхитта дато бух а болуш – хІора гурана шишша бух. Акацих хьокхий кечде: пхиъ цхьана агІор долчу гурашна, пхиъ вукху агІор долчу гурашна, кхин пхиъ тІехьарчу, малхбузехьарчу агІор долчу гурашна. Юккъехь болу хьокха гурашна юккъехула цхьана йистера вукху йисте чекхбала беза. Гурашна тІехула деши лаца, хьокхий чухІитто чІагарш а деших е, хьокхешна тІехула а деши лаца.
Выбор основного перевода