Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Детин я цІастанан совгІат луш болчу массара а иза Везачу Элана сагІина дахьара, ткъа белхан муьлхха а декъана акацин дечиг шен йолчо хІораммо а Везачу Элана сагІина яхьара иза. Массо а говзачу зударша шайн куьйгашца хьовзийна сийна а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эханг а, дуткъа кІади а дахьара. И болх шайн дагца тІе а лаьцна, шайна хуучара газанан тІаргІа хьовзабора. Халкъан тхьамданаша оникс цІе йолу а, ийпадна а, некха тІе уллучу безачу тІоьрмагна а лерина а тІулгаш дахьара, ткъа иштта хаза хьожа йогІу хІуманаш а, зайтдаьтта а дахьара къуьданашна а, къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогІу сегІаз а кечдан. Исраилан халкъа юкъара шайн даггара сагІа дала лууш мел лелачара, божарша а, зударша а, Мусагахула Везачу Эло дан тІедиллинчу гІуллакхна шайн-шайн лаамехь Везачу Элана лерина совгІаташ дахьара.
Выбор основного перевода