Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а хьалха уллу кирхьа де. Цу тІехь говза дина каруб-маликийн суьрташ хила деза. И кирхьа акацих бинчу беа бІогІамна тІеолла. И бІогІамаш дешица кхелина а, шайна тІехь дашо зІакарш йолуш а, детих бинчу баххаш тІехь лаьтташ а хила деза. Четаран лакхахь уллу мІерех дІатаса и кирхьа. Цунна тІехьа дІахІоттаде бартбаран тІорказ. Цу кирхьано еза чоь уггар езачу чоьнах дІакъастор ю. Уггар езачу чохь долчу бартбаран тІорказна тІе негІар дилла. Кирхьанна арахьа четаран къилбаседехьа йолчу агІор стол хІоттае, цунна дуьхьал четаран къилбехьа йолчу агІор стогар хІоттабе. Четарна чуволучу меттехь сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а шаршу кечъе, тІехь говзачу суьрташца юьйцина йолу. И шаршу дІаолла акацих пхи бІогІам кечбе, уьш дешица кхала. Царна тІехь дашо мІерий а де, и бІогІамаш тІехІитто пхи цІестан бух а бе».
Выбор основного перевода