Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен стунден маданхочун РаІалан кІанте Хьабабе Мусас элира: «Везачу Эло тхайна лур бу аьллачу махка доьлхуш ду тхо. Схьавола тхоьца, оха хьуна дика болх бийр бу, хІунда аьлча Везачу Эло Исраилан халкъана дуккха а диканиг дийр ду аьлла». Амма Хьабаба элира: «Со ца вогІу шуьца, сайн махка, сайн лаьтта тІе дІагІур ву со». ТІаккха Мусас дехар дира: «Тхо дІа ма тасахьа, хьуна дика евза хІара яьсса аре, тхуна некъ гойтуш, хьо хьалхаваьлча, дика хир дара. Хьо тхоьца вагІахь, Везачу Эло тхайна дина дика хьуна а кхочуьйтур дара оха».
Выбор основного перевода