Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элана лен а, Цуьнан цІе емалъян а волавелира и кІант, тІаккха исраилхоша Мусана тІе валийра иза. (Оцу кІентан ненан цІе яра Шаламат – иза данхо волчу Дибиран йоІ яра.) Чу а воьссина, цигахь Ас хьоьца къамел дийр ду, хьоьца долчу Дезачу Синах, схьаэцна, цхьа дакъа тхьамданашна а кхочуьйтур ду Ас, халкъан баланаш хьоьца цхьаьна цаьрга а дІакхехьийта. Дечиг гулдеш хилла волу и стаг карийначара Мусана а, АхІаронна а, дерриге а халкъана а тІевалийра иза. И зударий, гуламан четаран чуволлучу метте а баьхкина, Мусана а, динан дена ЭлиІазарна а, халкъан куьйгалхошна а, дерриг Исраилан халкъана а хьалха дІахІиттира. Цара элира: Юсупан кІентан Маннашан кІант волчу Макиран кІентан ГалІадан тІаьхьенийн куьйгалхоша, тІе а баьхкина, Мусана а, исраилхойн доьзалийн баьччанашна а хьалха бист а хуьлуш, Кхел ечохь озабезамаш ма бе, лараме боцучара а, цІеяханчара а бохучун тергам бе. Муьлххачу а адамах ма озало, хІунда аьлча кхел – Делан гІуллакх ду. Кхел ян шайна хала хета гІуллакх суна тІе схьада, ас ладугІур ду цуьнга“. Аса хІетахь шуна тІедиллира аша дан мел дезарг».
Выбор основного перевода