Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигахь шайн Везачу Далла хьалха яа а яа, иштта шу а, шун доьзалш а шайн куьйгашца шаьш дина долчу массо а хІуманах а, шайн Везачу Дала шу декъалдарх а самукъадолуш а хила. Ткъа оцу детих шайн дагна мел дезнарг схьаэца: стерчий, уьстагІий, чагІар, кхидолу маларш, шайна мел луург. ТІаккха цигахь, шун Везачу Далла уллохь, и хІуманаш яа, иштта сакъералуш а хила. ТІаккха Везачу Элана хьалха чІогІа хазахетарца юуш, молуш дара халкъ. Цул тІаьхьа Дауд-паччахьан кІант Сулим шозлагІа а паччахь хІотторна къобалвира. Иштта, Везачу Элана хьалха Сулим къобалвира паччахьалла дарна, ткъа ЦІадукъа динан да хилийта къобалвира.
Выбор основного перевода