Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас цаьрга элира: «Собарделаш, Везачу Эло шух лаьцна хІун олу ладугІу аса». Нагахь санна цхьа къовсаме долу гІуллакх цхьалхадаккха шайна хала делахь, – и гІуллакх цІий Іанорах лаьцна, девнах лаьцна, я чов ярх лаьцна делахь, – шун гІаланашкара нах берриш а цхьатерра реза бацахь, хьала а гІовттий, шайн Везачу Дала къастор йолчу оцу метте дІагІо. Левихой болчу динан дайшна а, оцу деношкахь кхел еш хир волчу кхелахочунна а тІе а гІой, цаьрга хатта, тІаккха цара эр ду шуьга кхел нийса муха ян еза. И гІуллакх Везачу Эло къастор йолчу меттехь, цара ма-аллара, чекх а даккха, цара шайна хьехнарг дерриг а кхочушдан а хьажа. Цара шайна хьехначу хьехамашца а, цара тІедиллинчуьнца а лелалаш. Цара аьллачунна тІера я аьтту, я аьрру агІор ма довлалаш. Ткъа цигахь шун Везачу Далла гІуллакх деш волчу динан дас а, кхелахочо а бохург ца деш кІоршаме леларг вен веза. Иштта дІадаккха исраилхошна юкъара зулам. Иза дерриге а халкъана дІахезар ду. Нах кхералур бу, уьш кхидІа кІоршаме лелар бац».
Выбор основного перевода