Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу буса Мисарахула чекхвер ву Со. Доьзалехь хьалха дуьнен чу даьлларг дуьйр ду Ас, адамна тІера хьайбанна тІекхаччалц. Мисархойн массо а деланашна тІехь кхел йийр ю Ас. Со Веза Эла ву. Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь? Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а, инзаре хІуманаш кхуллург а мила ву? Деза детташ, къамелаш ма де, ма ала кІоршаме дешнаш! Веза Эла массо а хІума гуш ву. Нехан массо а гІуллакхашна нийсонца тІе а хьожу. Аса ден долу цІа доккха хир ду, хІунда аьлча тхан Дела массо деланел а воккха ву. Веза Эла сийлахь Дела ву, Массо а деланашна тІехь сийлахь Паччахь ву Иза. Везачу Элана хьалха цара эшарш а лоькхийла, хІунда аьлча Иза ву лаьттана кхел ян вогІуш. Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю, халкъашна а догцІеналлица кхел йийр ю. Паччахьо элира Даниале: «Баккъалла ву шун Дела массо а деланийн Дела а, паччахьийн Олахо а, къайленаш йовзуьйтуш волу, хІунда аьлча хьуна а и къайле Цо йовзийтина дела». Шен нуьцкъалчу куьйгаца Цо сийлахь гІуллакхаш кхочушдина, Цо, баржийна, дІасабаьхна шайн дегнашкахь курабевлларш,
Выбор основного перевода