Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь БалиІамна Іамалекхахой гира. Цо иштта дешнаш элира: «Массо а къаьмнашна юкъахь Іамалекхахойн къам хьалхарниг ду, амма эххар а иза дакъазадер ду!» «Дагахь латтаде Мисар-махкара шу схьадогІуш Іамалекхахоша шайна динарг: новкъахь уьш шуна тІелетира. Новкъахь шу кІадделла а, хІиттина а долчу хенахь, шуна тІехьа богІучу гІелбеллачарна тІелетира уьш. Ткъа уьш Деле ларамах буьзна бацара. Иштта шун Везачу Дала массо а агІор шун мостагІех шаьш паргІатдаьхча, шун долахь хилийтархьама шуна луш долчу лаьтта тІехь Іамалекхахойн къам дагадаийтар стигал кІелара дІадаккхалаш, иза диц ма делаш». Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Дагадаийтира Аса Сайна Іамалекха Исраилан халкъана динарг: Мисар-махкара халкъ цІа доьрзучу хенахь иза цунна дуьхьал валар.
Выбор основного перевода