Везачу Эло Мусага элира: «Соьга хІунда кхойкху хьо? Исраилхошка дІадуьйлало ала.
ТІаккха наха маьхьарий хьаькхира: «ТІулгаш детта царна!» – аьлла. Амма Везачу Элан олаллин нур доьссира Делан четарна тІе берриг а исраилхошна хьалха.
Шайна тІекхаьчна долу вон ла ца луш, шайн кІентий а, йоІарий а дІабигна карийна, доьхна хьийзаш долу адам Даудана тІе тІулгаш детта гІерташ дара. И хІума бахьана долуш чІогІа воьхнера Дауд а, амма иза, шен Везачу Делера дегайовхо а карийна, чІагІвелира.