Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Элим олучу меттера дІа а бахана, шаьш Мисарара арадевллачу шолгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь Элимна а, Синайна а юккъехь йолчу Син цІе йолчу яьссачу ара деара дерриг а Исраилан халкъ. Син-яьссачу арара дІа а бевлла, Дупикха цІе йолчу меттехь дІахІоттийра цара шайн меттамотт. Алушера дІа а бахана, Рапидам цІе йолчу меттехь меттамотт дІахІоттийра цара. Цигахь мала хи дацара халкъана.
Выбор основного перевода