Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ваха а гІой, исраилхойн къаной а гулбай, ала: „Везачу Эло, шун дайн Дала, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, суна Ша гайта а гайтина, элира соьга: ‘Шу долчу веача, Суна гира Мисар-махкахь шуна хуьлуш дерг. Исраилхойн къаноша хьоьга ладугІур ду. Уьш а эций, пирІунна тІегІо. Аша цуьнга ала: „Веза Эла, Іебархойн Дела, веана тхо долчу. ДІахецахьара ахь тхо, кхаа дийнахь яьссачу арахула дІа а дахана, Везачу Элана, тхайн Далла, сагІа даккха дезаш ду тхо“. Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала АхІароне, шен Іаса карахь йолу куьг дерриг а хиш тІехула а, Іаьмнашна а, шена чохь хи долчу меттигашна а тІехула лаца алий. Хих цІий хир ду. Берриг а Мисар-махкахь ур-атталла дечиган а, тІулган а пхьегІаш чохь хина метта цІий хир ду». Везачу Эло тІе-ма-диллара, гІуллакх кхочушдира Мусас а, АхІарона а. Шен Іаса хьала а айина, пирІунан а, цуьнан уллорачеран а бІаьргашна хьалха Нил-хи тІе туьйхира АхІарона. Дерриг а хих цІий хилира.
Выбор основного перевода