Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа Мусас а, АхІарона а, пирІунна тІе а веана, элира: «Везачу Эло, Исраилан Дала, боху: „ДІахеца Сан халкъ яьссачу арахь Сан дуьхьа деза де хІотто“». Оха тхайн дерриг а тхешан даьхни дІадуьгур ду, цхьа берг буха а ца юьтуш, хІунда аьлча цу юккъера ду оха тхешан Везачу Далла даккха дезаш долу сагІа. Тхаьш цига дІакхаччалц тхуна ца хаьа, Везачу Элана сагІина хІун хьайба ден деза». РаІамсас-гІалара гІаш Сакхат-гІала баха арабевлира исраилхой. Божарех ялх бІе эзар гергга стаг вара царна юкъахь, бераш ца лерича. Дуккха а кхечу къаьмнех болу нах арабевлира цаьрца Мисарара. Исраилхоша дІадуьгуш дуккха а кегий а, даккхий а даьхни дара.
Выбор основного перевода