Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ПирІуно, Мусага а, АхІароне а тІе а кхайкхина, элира: «Везачу Эле доІа де, со а, сан халкъ а долчуьра пхьидарчий дІаяха алий. ТІаккха ас Исраилан халкъ дІахоьцур ду, Везачу Элана сагІа даккхийтархьама». Мусас элира: «Хьо волчуьра дІа а вахана, Везачу Эле доІа дийр ду ас, тІаккха кхана пирІун волчуьра а, цуьнан уллоранаш а, халкъ а долчуьра а жІаьлийн мозий дІадевр ду. Амма ахьа а Исраилан халкъ ледан ца деза, Везачу Элана сагІа даккха иза доьдуш, юха а новкъарло а йина». ЯрбаІам-паччахьо Делан стаге элира: «Хьайн Везачу Деле суна тІера доІа а дай, дехахьа сан куьг тодар». Делан стага Везачу Эле дийхира. Паччахьан куьг, ша хьалха ма-хиллара, тоделла дІахІоьттира.
Выбор основного перевода