Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас боху хьоьга: ‘ДІахеца Сан кІант, иза Суна Іибадат дан дезаш ву. Ахь иза дІа ца хецна дела, Ас хьан дуьххьарлера кІант вуьйр ву’“». «Гой хьуна, Ахьаба Суна хьалха ша мел лахара хетийтира? Суна хьалха цо ша лахара хетийтарна, иза вехачу ханна бохкуьйтур бац Аса цунна тІе баланаш. Ахьабан кІант вехачу заманахь цуьнан цІенна тІе балор бу Аса и баланаш». Сан долахь долу халкъ Суна муьтІахь хилла, доІанаш деш, Соьгахьа дерзахь, шайн харц некъаш тІера дІа а далахь, тІаккха стигалахь хезар ду Суна Сайн халкъан аз, цуьнан къиношна геч а дийр ду Ас, цуьнан латта а тодийр ду Ас. ‹Аса кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а дуьхьал аьлла дешнаш хьайна дІа а хезна, хьан дог кІад а луш, ахьа Далла хьалха хьо лахварна а, хьайн тІехулара бедар этІа а йина, Суна хьалха лах а луш, хьо велхарна а, Суна а хьо дІахезна, – боху Везачу Эло. – Везачу Элана муьтІахь хила, Цо ойур ду шу. Цундела Делан нуьцкъалчу куьйга кІел дуьйла, Цо Шен хенахь ойур ду шу.
Выбор основного перевода