Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла. Сайн ницкъ Мисарна тІе а берзийна, мисархошна юкъара Исраилан кІентий арабохур бу Ас». Кхана пирІун волчу гІо. Иза Нил-хин берда йисте веача, цунна дуьхьал дІахІотта, шех лаьхьа хилла Іаса хьайн буйна а лаций. Везачу Эло боху, хІинца хуур ду хьуна Ша Веза Эла вуйла. Ас сайн карара хІара Іаса Нил-хи тІе тухур ю, цу хих тІаккха цІий хир ду. Шайн бераша хаттахь: „Иза хІунда деш ду?“ – аьлла, аша эр ду: „Иза Везачу Элана лерина Пасахьан сагІа ду. Мисар-махкахь вай долчу хенахь исраилхойн цІеношна уллохула тІех а ваьлла, мисархошна таІзар дира Цо, ткъа вайн цІенош Іалашдира“». ТІаккха Везачу Элана хьалха охьатаьІира халкъ Цуьнга болчу ларамна. Цу дийнахь хьайн кІанте ала: „Везачу Эло, Мисарара со араволуш, суна динарг бахьана долуш, лору ас хІара де“. Хьан кІанта хьоьга хин йолчу хенахь хаттахь: „И хІунда деш ду?“ – аьлла, ахь цуьнга ала: „Везачу Эло Шен боккхачу ницкъаца Мисарара ара а даьхна, лоллехь долчуьра паргІатдаьхна вай. Вай дІахеца ца лууш дуьхьалваьллера пирІун, тІаккха Везачу Эло Мисар-махкара хьалха дуьнен чу даьлла массо а кІант а, боьрша хьайба а хІаллакдира. Цундела ас Везачу Элана сагІина лерина хІора хьалха дуьнен чу даьлла боьрша хьайба дІа а лой, сайн хьалхара кІант цу мехаца мукъавоккху“. Амма ларлуш а хилалаш, шайн синан дола а делаш, шайн бІаьргашна гина гІуллакхаш диц ца далийтархьама а, и дерриг а, шу мел деха, шайн даг чуьра дІа ца далийтархьама а. Шайна гинарш дІадийца шайн берашка а, шайн берийн берашка а. Тхан дайша тхуна дуьйцура, уьш баьхначу ширачу заманахь. Ахь мел динчу гІуллакхех лаьцна. Ва Дела, тхан лергашна хезнера иза. Тхайн берех иза къайла а доккхур дац. Хинйолчу тІаьхьене оха дІадуьйцур ду Везачу Элан сийлахь гІуллакхех лаьцна, Цуьнан ницкъах а, Цо динчу тамашийначу хІуманех а лаьцна. Цу тайпана тІейогІучу тІаьхьенна иза хуур дара, дуьнен чу бовлучу наха шайн берашна иза дІадуьйцур а дара. ДІахаийта хІара шайн берашка, цаьрга а дІадийцийта церан берашка, ткъа церан берашка – хинйолчу тІаьхьене.
Выбор основного перевода