Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вайн аьрхаллина чов йина вара Иза, вайн къиношна хьаьшна вара Иза. Вайна машар бахьаш долу таІзар дара Цунна тІехь, ткъа Цуьнан чевнаш бахьана долуш вай тодина лаьтта. Цундела Ас сийлахьчарна юкъахь дакъа лур ду Цунна, ондачаьрца ижу йоькъур ю Цо, Цо Шен дахар Іожаллина дІадаларна а, зуламхойх Иза дІатоьхна хиларна а. Цо дуккха а болчеран къинош дІа а даьхьира, зуламхошна тІера доІанаш а дора. Делан лаамехь верг хІаллакьхуьлу, ткъа цхьанна а дагах ца кхета иза. Далла тешаме нах бахарна тІера дІабоху, амма цхьа а ца кхета – Делан лаамехь верг дІакхолхуьйту, цунна зулам ца хилийтархьама. Иза цара вуьйр ву. Амма кхозлагІчу дийнахь Иза денлур ву». Цуьнан мурдаш чІогІа гІайгІане ийгира. ХІунда аьлча аса тІеэцна болу а, шуна дІабелла болу а уггар коьрта хьехам иштта бу: Делан Йозанаша ма-аллара, Дала леррина Къобалвинарг вайн къиношна тІера велла.
Выбор основного перевода