Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен сино бала хьегначул тІаьхьа, Цунна юха а дахаран серло а гур ю, Шена тосаделлачуьнгахула Ша тІекхаьчначунна Иза реза а хир ву. Нийсаверг волчу Сан Ялхочо дуккха а нах Суна хьалха бакъбийр бу, церан къинош Шена тІехь дІа а хьур ду. Сан къам, тиладелла лелаш долу уьстагІий санна, дара. Церан Іуша, нийсачу новкъа тІера дІа а даьхна, лаьмнаш юккъехула дІасалаьхкинера уьш. Лам тІера гунна тІе довлуш, шайн Іаш йолу меттиг а йицйина, дІасалелара уьш. «Исраилан къам, лоьмех дедда долу жа санна ду, массо а маьІІехула дІасадаьржина долу. Цкъа-делахь, Ашур-махкарчу паччахьо иза дІакхаьллина, тІаьхьара Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цуьнан даьІахкаш аьтта». ХІунда аьлча Шен цхьаъ бен воцу КІант дІаваллал дезна Далла хІара дуьне, муьлхха а Цунах тешнарг, хІаллак а ца хуьлуш, Ша волчохь долчу хедар доцучу дахаре кхачийтархьама. Массо а адамаш Делах дІадирзина, берриш а галбевлла бу. Цхьа а диканиг дийриг вац, ур-атталла цхьаъ-м вац. Шена тІехь цхьа а къа доцуш Верг Дала вайн дуьхьа къинош летийнарг санна вира, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайх Шена хьалха бакъдинарш хилийтархьама. Цхьана хенахь, тиладелла уьстагІий санна, лелла шу, ткъа хІинца шу шайн синойн Іуьнна а, шаьш Іалашдечунна а тІе юхадаьхкина.
Выбор основного перевода