Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вайн аьрхаллина чов йина вара Иза, вайн къиношна хьаьшна вара Иза. Вайна машар бахьаш долу таІзар дара Цунна тІехь, ткъа Цуьнан чевнаш бахьана долуш вай тодина лаьтта. Вай массо а тиладелла уьстагІий санна дара, хІора а шен-шен новкъа тІевирзина вара. Амма Везачу Эло дахкийтина Цунна тІе вайн массеран а къинош а, бехк а. Цо олалла дечу деношкахь ЯхІудан халкъ паргІат хир ду, ткъа Исраилан халкъ сашортехь Іийр ду. Цуьнан цІе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“. ШолгІачу дийнахь, шена тІевогІу Іийса а гина, Яхьъяс элира: «Хьажал, ХІара Дала, кху дуьненара адамийн къинош тІе а лаьцна, уьш дІадахьа баийтина Іахар бу. Со дика Іу ву, цундела Суна сайнаш а бевза, сайчарна Со а вевза. Дена Со вовзаре терра, Суна а вевза Да. Сайн са а дІало Ас уьстагІийн дуьхьа. Кхин а уьстагІий ду Сан. Уьш кху кертара дац. И уьстагІий а ду Ас Сайн керта дало дезаш. Цара а ладугІур ду Сан озе, тІаккха царах цхьа жа а хир ду, церан цхьа Іу а хир ву. Аса Сайн са, юха а схьаэцархьама, дІало дела, Сан Дена Со веза. Цхьаммо а дІадоккхур дац Соьгара Сан са, амма Аса-Айса дІалур ду иза. Сан йиш ю Сайн са дІадала а, иза юха схьаэца а. И весет Ас Сайн Дегара схьаэцна». Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогІур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хІинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна. Цундела, сан вежарий, суна лаьа шуна хуийла, тахана Цуьнан дуьхьа шун къиношна гечдар ду шуна кхайкхош дерг. ХІора Іийсах тешаш верг массо а хІуманна тІехь Далла хьалха бакъво, ткъа Муса-пайхамаран хьехамашкахь шун Далла хьалха бакъхила ницкъ бацара. Иштта дан а ду иза. Цхьаммо динчу зуламехула массо а адам бехкехилар тІедаийтина. Иштта цхьана адамо динчу бакъдолчу гІуллакхо массо а адамашна кхочу бакъдар а, дахар а ло. Цхьа адам Далла муьтІахь ца хилла дела, массо а адамех къинош летийнарш хилира. Иштта цхьана адаман Далла муьтІахь хиларо дуккха а адамаш бакъдина хир ду. Товрат-хьехамаш буьззина кхочуш а бина, Дала леррина Къобалвинарг цу хьехамийн чаккхе хилира, Цунах тешарехула Далла хьалха бакъвар хІоранна а хилийтархьама. Сан хьоме бераш, шуьга къинош ца летадайтархьама яздо ас хІара кехат. Ткъа нагахь цхьаммо къа латадахь, стигаларчу Дена хьалха лаьтташ волу ГІодийриг ву вайн: Дала леррина къобалвина Іийса – Делан лаамехь Верг.
Выбор основного перевода