Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Куьйгаш а ду церан, амма уьш хьакха ца ло. Когаш а бу церан, амма уьш лелаш бац. Церан легашкара аз а ца долу. Иштта совгІат дан къен волчо ца телхаш долу дитт хоржу. Цо, говза пхьар а лохий, цуьнга охьа ца вужу волу цІу войту. Юьхьанца дуьйна хьан дийцина цунах лаьцна, вайна иза хаийтархьама? И хІума хилале хьан дийцина цунах лаьцна, вайга: „Иза бакъ ву“ – алийтархьама? Цхьаммо а ца дийцина цунах лаьцна, иза хир ду а ца аьлла, цхьанна а ца хезна шуьгара дош. Со хьаьжира, амма цхьа а вацара, хьехар дала царна юкъахь цхьа а вацара. Ас хаьттинчунна жоп дала цхьа а вацара. Бухадисинчу дечигах цо дела во, шен цІу. Цунна Іибадат а деш, стага боху: «КІелхьарваккхахьа со, хьо сан дела ма ву». Везачу Эло боху: «Вовшах а кхетий, тІедуьйла, халкъашна юкъара дийна дисинарш. Сонта бу, дечигах вина шайн цІу а лелош, шаьш кІелхьардахалур доцучу деланашка доІанаш деш берш. И цІуш кха тІе дІахІиттош йолу мунданаш санна ю. Уьш бист а ца хилало, уьш карахь дІасалелайо, шаьш уьш лела ца ло дела. Царах кхера ца оьшу, хІунда аьлча цаьрга вон далур дац, амма цаьргара диканиг а дер дац».
Выбор основного перевода