Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Яьссачу арахь а шуна изза гинера. Шаьш кху меттиге схьакхаччалц аша бинчу новкъахь, адамо шен бер санна, шу леладора шун Везачу Дала, шуна гина ма-хиллара“. Халкъах жима дакъа юхадоьрзур ду, Якъубан тІаьхьенах бисинарш – Нуьцкъалчу Далла тІе боьрзур бу. ХІордан гІум санна, дукха нах хьан хиллехь а, Исраил, царах бисинарш бен Далла тІе боьрзур бац. Халкъ хІаллакдан сацам бина, нийса таІзар къомана тІехдер ду. Ас къайлаха а ца дийцина, я боданечу меттехь а ца дийцина. Якъубан тІаьхьенах болчаьрга Ас ца аьлла: „Эрна леха Со“. Со бакъдерг дуьйцуш волу Веза Эла ву. Нийса дерг дІакхайкхадо Ас». Цара мел хьегначу баланашкахь, Цо а бала хьегна. Цуьнан уллорачу малико кІелхьарбаьхна уьш. Шен безамца а, къинхетамца а Цо паргІатбаьхна уьш. Цо, схьа а эцна, дерриге а ширачу заманашкахь лелийна уьш.
Выбор основного перевода