Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту. Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу. Ша йинчу чІагІонца ца лела ткъа Иза? Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо? ХІунда аьлча Цо элира – иза хилира, Цо омра дира – иза дІахІоьттира. Лаьмнаш тІера дерачу олхазаршна а, аренашкара акхарошна а дуьтур ду дерриг а. Олхазарш аьхкенан заманахь хир ду цигахь, ткъа аренан акхароша Іа доккхур ду цу меттехь». Ас дуккха а хьалха и дерриг а дагатесна хилар хьуна ца хезна те? Ширачу заманахь дуьйна цунах ойла а йина, хІинца иза Аса кхочушдина, чІагІйина гІаланаш хьоьгахула ясса а йойтуш, царах къапалгийн саьлнаш а йойтуш. Малхбалера волу стаг хьан самаваьккхина, иза дІавахханчохь цуьнга толам а боккхуьйтуш? Цо халкъаш цуьнан кара дІало, паччахьаш цунна муьтІахь бойту. Цуьнан туьро царах чан йо, цуьнан Іедо уьш дІасакхуьссу, мохо ча дІаса ма-кхоссара. Ас къилбаседера стаг самаваьккхина, иза тІегІуртуш ву. Малхбалехь а волуш, Сан цІе къобалйо цо. Цо хьоьшур бу куьйгалхой, хатт санна, кхийра пхьегІа ечу пхьеро поппар санна, хьуьйр бу уьш.
Выбор основного перевода